НОХЧИЙН МЕТТАН ДЕ!

29.04.2019

Оханан беттан 23-чу дийнахь Надтеречни к1оштан Зебир-Юртовски юккъерачу школехь Нохчийн меттан денна лерина 9-чу классера дешархошна юкъахь д1аяьхьира классал арахьа мероприяти «Г1иллакх-оьздангалла». И тайпа къовсадаларшкахь дешархойн матте болу безам к1аргло, шайн къоман г1иллакхаш а, халкъан барта кхолларалла а йовза таро хуьлу. И мероприяти кечйина нохчийн меттан а, литературин а хьехархочо Сапарова Л. А.